البحث

عبارات مقترحة:

العزيز

كلمة (عزيز) في اللغة صيغة مبالغة على وزن (فعيل) وهو من العزّة،...

الإله

(الإله) اسمٌ من أسماء الله تعالى؛ يعني استحقاقَه جل وعلا...

الظاهر

هو اسمُ فاعل من (الظهور)، وهو اسمٌ ذاتي من أسماء الربِّ تبارك...

Истихара ламаз а, цуьнан доIа

الشيشان - Нохчийн

المؤلف Адама Султана Олхазар
القسم مقالات
النوع نصي
اللغة الشيشان - Нохчийн
المفردات صلاة التطوع - صلاة الاستخارة
Истихáра ламаз даран маьIна Истихáра ламаз даран маьIна – лекха хинволчу АллахIе дехар ду, хьайна дан лууш долчу цхьана гIуллакхехь Цо хьо Ша хаьржина, Шена гергахь гIолий а, дика а долчунна тIеверзор. Деле гIуллакхех дикачунна тIенисвар дехаран а, цуьнан ламазан а хьукм Массо Iелам-нехан бартхиларца, цхьа гIуллакх дан лууш волчо, АллахIе оцу гIуллакхах дикачунна тIенисвар дехар а, и доьхуш истихáра-ламаз дар а суннат ду. Иза иштта хиларан тешалла ду лахахь хьахийна долу хьадис. Истихáра ламазан дозалла СаIда – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хIара хьадис: «Áдаман кIентан ирсах ду цо АллахIе шена шен гIуллакхах дикачунна тIенисвар дехар».[1] IабдуллахIан кIанта Жабира – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тхуна Iамадора массо хIуманна тIехь истихáра (дикачунна тIенисвар дехар) дар, ша тхуна Къуръанан тIера сурат Iамош санна. Цо олура: «Шайна цхьа хIума дан дага деанчо, ши ракаIат (ламаз) дойла, перз ламаз а доцуш (суннат ламаз), тIаккха цо олийла: «АллóхIумма иннú астахúрука биIилмика, ва астакъдирука бикъудратика, ва асъалука мин фадликалIазúм, фаиннака такъдиру ва лá акъдиру, ва таIламу ва лá аIламу, ва анта IаллáмулгIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIазалъамра […] хайрун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, факъдурхIу лú, ва йассирхIу лú, сумма бáрик лú фúхIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзалъамра […] шаррун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, фасрифхIу Iаннú, васрифнú IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардинú бихI».[2] Муьлха гIуллакхана дан деза истихáра ламаз? Билггал вон дуй а, дика доций а хууш долчу хIуманна истихáра ламаз ца до, хIунда аьлча и санна долу хIума дар йа мегаш дац, йа дика дац, ткъа хIара ламаз диканиг доьхуш деш ду. ХIинцца ца дича ца долуш долчу важиб хIуманна а истихáра ламаз дан ца оьшу, хIунда аьлча иза харжам болуш хIума дац, дина чекхдаккха дезаш ду. Билггал дича дика дуй а, мелехь дуй а хууш долчу цхьана хIуманна а истихáра ламаз дан ца оьшу, хIунда аьлча иза а билггал дика дуй хууш дерг ду. Делахь а, истихáра ламаз дича дика хир ду, билггал дича дика дуй а, мелехь дуй хууш долу ши хIума доьхь-доьхьал хIоьттина делахь, цу шиннах уггар дикачунна тIенисвар доьхуш. Кхин а, хан еха йолуш долу важиб хIуманна хьалха лаьтташ цхьа новкъарлонаш елахь а истихара ламаз дича дика ду, масала, новкъахь цхьа кхерамаш болуш хан-зама елахь, цу заманахь хьадж дарна истихара ламаз дар санна. Ткъа уггар дукха истихáра ламаз дан тарлуш долу хIуманаш – мегаш долу хIуманаш ду, йа важиб а, мустахьабб а, йа хьарам а, макрухI а доцуш, царна юккъара долу хIуманаш ду, масала цхьа хIума иэцар, цхьанхьа вахар, цхьанхьа деша хIоттар, цхьанхьа балха хIоттар, зуда ялор, иштта кхидIа а.    Маца дан деза истихáра ламаз? Шена цхьа гIуллакх дан дага деъча, истихáра ламаз дале хьалха, и гIуллакх девзаш хир бу аьлла хетачу дикачу нахах а, говзанчех а дага вала веза. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×Церах дага а вала хьо (хьайн) гIуллакхехьØ[3]. ТIаккха, церах дагаваьллачул тIаьхьа, и гIуллакх шена пайденна дуй хиъначул тIаьхьа, АллахIе деха деза, истихара ламаз дан деза.[4] Истихара ламаз дан ца мега, и санна долу кхидолу суннат ламазаш дан ца мегаш йолу хенашкахь. И хенаш а йоцуш, кхечу муьлхха а хенахь дан мега иза. Муха деха мегаш ду АллахIе, шен гIуллакхах дикачунна тIенисвар? Шен гIуллакхах дикачунна тIенисвар АллахIе дехар кхаа кепара ду: 1)      Парз ламаз а доцуш, йа цхьа а кхин ламаз а доцуш, къаьсттина, истихара ламаз дан аьлла ниййатца ши ракаIат ламаз а дина, тIаккха цул тIаьхьа хьадисехь деана долу доIа дар. ХIара кеп уггар дика кеп ю. 2)      Нагахь санна, къаьсттина истихáра ламаз ца далахь, кхечу ламазца цхьаьна истихáра ламазна а ниййат а дина, тIаккха цул тIаьхьа хьадисехь деана долу доIа дар. Иштта дан а мегаш ду. 3)      ДоIанал хьалха ламаз а ца деш, деккъа цхьа доIа дар. Иштта дан а мегаш ду. Истихáра ламазан ракаIаташ Истихара ламаз ши ракаIат дича уггар дика ду, хьадисехь деана ма-дарра. Амма цхьамма шина ракаIатал сов даккхахь – иза а мегаш ду. Истихáра ламазан куц Истихара ламазан куц кхидолу ламазаш санна ду. Дукхах болчу Iелам-наха, истихара ламазан хьалхарчу ракаIатехь, Фатихьатал тIаьхьа «Къул йа аййухIал-кафирун» дешча дика ду, шолгIачу ракаIатехь Фатихьатал тIаьхьа «Къул хIуваллохIу ахьад» дешча дика ду аьлла. КхидIа дерг, массо хIума кхечу ламазехь санна ду. Ламаз динчул тIаьхьа, салам деллачул тIаьхьа, къилбехьа вирзина а волуш, ши куьг хьала а айдина, хьадисехь деана долу доIа дийр ду, оцу доIанал хьалха а, тIаьхьа а АллахIана хастам а беш, АллахIан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават а дуьллуш, доIан даран дерриге гIиллакхаш лар а деш. ДоIа хIара ду:  «АллóхIумма иннú астахúрука биIилмика, ва астакъдирука бикъудратика, ва асъалука мин фадликалIазúм, фаиннака такъдиру ва лá акъдиру, ва таIламу ва лá аIламу, ва анта IаллáмулгIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIазалъамра […] хайрун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, факъдурхIу лú, ва йассирхIу лú, сумма бáрик лú фúхIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзалъамра […] шаррун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, фасрифхIу Iаннú, васрифнú IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардинú бихI». МаьIна: «Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хьаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь,  хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур ю) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а (йа иштта эр ду: герга йолчу хенахь а, я генарчу хенахь) дика хилар делахь, суна ницкъ ло Ахь оцу гIуллакх тIехь, суна иза атта а де Ахь, юха суна цунах беркат а де Ахь. Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар делахь, суна гена даккха Ахь иза, со цунна тIера дIа а верза ве Ахь, цул диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, юха со цунна реза а ве Ахь». Цхьаболчу Iелам-наха, и доIа шена луучо сужудехь, йа ташаххIудал тIаьхьа а дан мегар ду аьлла, делахь а гIолийниг хьадисехь ма-дарра ламазал тIаьхьа дича ду. Истихара динчул тIаьхьа, шена жоп хиларга сих вала ца веза бусалба стаг, хIунда аьлча иза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дика лерина дац. Цо аьлла: «Шух цхьанна жоп ло, иза сихваллалц, цо аллалц: «Ас дийхира, суна жоп ца дели».[5] Истихара – доIа а, ламаз а – юх-юха дар Дукхах болчу Iелам-наха билгалдина, цкъа истихара динчул тIаьхьа а цхьана хIуманна тIехь шен цхьа сацам хуьлуш ца хилахь, оццу гIулкхана иза юх-юха ворхIозза дан мега аьлла. Цхьаболчара кхин а сов а дан мега а аьлла. Кхечунна тIера истихара дар Мáликийн а, ШáфиIийн а мазхIаберчу Iелам-наха хьахийна, истихара кхечунна тIера а дан мега аьлла, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIокху хьадисана тIе а тевжина: «Шух цхьаьнга шен вешина пайда балахь – пайда бойла цо цунна».[6] Истихáра динчул тIаьхьа хуьлуш дерг Вай лакхахь ма-дийццара истихара динчул тIаьхьа, шен даго тIелоццуш долу гIуллакх дан мегар ду. Истихара динчул тIаьхьа гIенах цхьа хIума ган деза бохург а, йа дог оцу гIулкхана дастадала деза бохург а хьадисехь бух болуш дац, цундела уьш тидаме леца ца оьшу. ДIадерзош, Iелам-наха аьлларг эр ду вай: «Цкъа а дохко вер вац вай Кхоьллинчуьнгара диканца гIо а дехна, АллахIах тешаш болчерах дагаваьлларг а, шен гIуллакх кхачам боллуш теллинарг а. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан чохь: ×Церах дага а вала хьо (хьайн) гIуллакхехь, ткъа хьайн цунна тIехь сацам хиллехь – тIаккха ахь АллахIана тIе билла болхØ[7]. Ткъа дика хууш верг АллахI ву! [1] Ахьмад. Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс – Дала къинхетам бойла цунах – «дика» ду аьлла иза, «Фатхьул-Бáрú» тIехь, 18/171. [2] Бухари а, кхиберш а. Оцу хьадисехь долчу доIанан маьIна жимма лахахь догIур ду. [3] Сурат «Áл Iимран» 159 айат. [4] «Ал-Азкáр», Имам Нававий, 214 агIо. [5] Бухари, Муслим, кхиберш а. [6] Муслим. [7] Сурат «Áл Iимран» 159 аят.  

التفاصيل

المرفقات

2

ГIУЛЛАКХАХ ДИКАЧУННА ТIЕНИСВАР ДЕХАР А,ЦУЬНАН ЛАМАЗ ААЛ-ИСТИХÁРАХI – СОЛАТУЛ-ИСТИХÁРАХI