البحث

عبارات مقترحة:

الشافي

كلمة (الشافي) في اللغة اسم فاعل من الشفاء، وهو البرء من السقم،...

الواسع

كلمة (الواسع) في اللغة اسم فاعل من الفعل (وَسِعَ يَسَع) والمصدر...

التواب

التوبةُ هي الرجوع عن الذَّنب، و(التَّوَّاب) اسمٌ من أسماء الله...

Духьа ламаз дар

الشيشان - Нохчийн

المؤلف Адама Султана Олхазар
القسم مقالات
النوع نصي
اللغة الشيشان - Нохчийн
المفردات صلاة التطوع - صلاة الضحى
ДУХЬÁ ЛАМАЗ Духьá ламаз довзийтар Духьá ламаз – иза малх хьалабаьллачул тIаьхьа делкъа хан кхаччалц йолчу юкъахь деш долу суннат ламаз ду. Вайн наха цхьаболчара «зухьа» а, «зуьхьа-ламаз» а олу цунах. Хьадисехь «аввáбúн-ламаз» аьлла цIе яьккхина а ю цуьнан, делахь а суьйранна деш долу аввáбúн-ламаз дац иза. Кхин а, «ишрóкъ-ламаз» (малх хьалабаларан ламаз) аьлла девзаш долу ламаз а, духьá ламаз а цхьа ламаз ду, цундела духьá ламаз дича ишрóкъ-ламаз а дина ларалуш ду.[1] Духьá ламазан хьукм Духьá ламаз чIагIдина суннат ду. Духьá ламазан дозалла Духьá ламаз дар вуно чIогIа деза а, мелехь а ду, вайн догIмийн хIора хIуттургах дала деза сагIа тIерадоккхург иза бен дац, хьадисехь деана ма-дарра. ² Духьá ламаз Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лардарца весет дина ламаз ду. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Сан доттагIчо (пайхамара) суна весет дира кхаа хIуманца: хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьá ши ракаIат ламаз дарца а, сой дIавижале витр-ламаз дарца а».[2] Абу Зарра – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна везаш хиллачо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суна весет дира кхаа хIуманца, лекха хинволчу АллахIа мукъа лахь ас уьш цкъа а дуьтур а дац. Цо суна весет дира духьá ламаз дарца а, дIавижале витр ламаз дарца а, хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а».[3] ² Духьá ламаз Деле боьрзучеран ламаз ду. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Духьá ламаз лардийр дац даим Деле воьрзуш волчо бен, иза Деле боьрзучеран ламаз а ду».[4] ² Духьá ламаз дар йоккха хIонс яккхарал деза ду. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаме цхьа тоба яхийтинера, тIаккха цара йоккха хIонс еара, тIелатар дукха сиха а динера цара. Цхьана стага элира: «ХIай Делан Элча! ХIокху тобанал сиха тIелатар дина а, йоккха хIонс еана а кхин тоба гина яц-кх вайна!» Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Ас вийцú шуна церал сиха тIелатар динарг а, кхин а йоккха хIонс яьккхинарг а? Иэца ма-дезза дика ламаз а эцна, тIаккха маьждиге а вахана, цу чохь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха цул тIаьхьа (шен хенахь) духьá ламаз динчо тIелатар сих а дина, йоккха хIонс а яьккхина».[5] ² Iуьйранна духьá ламаз динчунна АллахIа тоам бийр бу массо хIуманна. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа бах: «ХIай Адаман кIант! Де дIадолалуш диъ ракаIат ламаз де Суна, Ас цаьрца дийнан чаккхенна тоам хуьлуьйтур бу хьуна».[6] ² Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа духьа ламазан хан тIекхаччалц маьждигехь а Iийна иза динчунна мел бу хьадж а, Iумрат а динчунна санна. АллахIан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ЖамаIатехь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха АллахI хестош духьá ламаз даллалц маьждиг чохь сецнарг – цунна цунах мел хир бу кхоччуш хьадж а, Iумрат а динчунна санна».[7] ² Адаман дегIан хIуттургашна хIора денна тIедожийна долу сагIа кхочуш хуьлу духьá ламаз дарца. Абу Зарра – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «ХIора Iуьйранна шун хIора хIуттургана тIе сагIа дужу. Ткъа хIора тасбихь дар (субхьаналлахI алар) сагIа ду, хIорозза Дела хастор (алхьамдулиллахI алар) а сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» алар а сагIа ду, хIора такбир (АллóхIу акбар) алар а сагIа ду, диканиг де алар а сагIа ду, вониг ма де алар а сагIа ду. Ткъа цунна тоам бийр бу духьá хенахь динчу шина ракаIато».[8] Бурайдас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Адаман дегIехь кхобIе кхузткъа хуттург ю. Ткъа цунна тIехь ду оцу хIора хуттургана тIера сагIа далар». Асхьабаша элира: «Хьенан кхочур бу и дан ницкъ, хIай Делан Элча?». Цо элира: «Маьждиг чохь йолу шатт ахь дIаяккхар а сагIа ду, некъа тIера (новкъа йолу) хIума ахь дIаяккхар а сагIа ду, ткъа нагахь санна хьан ницкъ ца кхачахь – духьá шина ракаIато тоам бийр бу хьуна цунна».[9] Имам Iабдур-Рахьúм Ал-Iирóкъийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах, оцу хьадисан маьIна деш: «Оцу хьадисехь гойтуш ду духьá ламазан доккха дозалла, цо гойту и ламаз кхобIе кхузткъа диканан меттина хуьлуш хилар. Ибн Iабдил-Барра аьлла: «Духьа ламазан дозалла гойтуш долу уггар кхачаме хIума ду иза».[10] Цуьнан дозалла кхин а хьуна девзар ду, кхидIа долчу хаттаршкахь вай дуьйцур долчу хьадисашкара. Духьá ламазан хан Духьá ламазан хан малх хьалабаьлла баьлчахьана дуьйна делкъа хан кхаччалц ю. Цхьаболчу Iелам-наха аьлла, цуьнан хан малх Iуьйранна гоьмукъан бараме кхаччалц хьалабаьлча дIайолало аьлла. Ткъа цуьнан уггар еза хан дийнан доьххьара доьалгIа дакъа дIа а даьлла, шолгIа доьалгIа дакъа доладелча ю. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIе боьрзучеран ламаз, кегийчу эмкалийн бергаш лаьттан йовхоно яго йолийча деш ду».[11] Ткъа и хан, де диъ декъе декъча, цуьнан доьххьара доьалгIа дакъа чекхдаьлча ю, дикка малх хьалабаьллачул тIаьхьа. Малх стигал юккъе кхаьчча, делкъа ламаз хан хиллал йолчу кIеззигчу юкъахь дан мегий духьá ламаз? И хан суннат ламаз дан ца мега хан ю, духьá ламаз цу хенахь а дан мега аьлла цхьаболчу Iелам-наха, делахь а гIолий ду иза шен уггар езчу хенахь дича. Духьá ламазан ракаIаташ Духьá ламаз уггар кIеззигниг ши ракаIат ду, уггар гIолийниг бархI ракаIат ду.[12] Луучо шиъ дан а мегаш ду, луучо диъ дан а мегаш ду, луучо ялх дан а мегаш, ткъа уггар дезаниг бархI ракаIат дар ду. Ши ракаIат даран тешалла ду, духьá ламазан дозалла дуьйцучахь дийцина долу Абу ХIурайратан а, Абу Зарран а ши хьадис, цаьршинна Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – весет дина хиллера аьлла, духьá ши ракаIат ламаз дарца. Диъ ракаIат дан магаран тешалла ду дозалла дуьйцучохь дийцина долу хIара хьадис: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа бах: «ХIай адаман кIант! Де дIадолалуш диъ ракаIат ламаз де Суна, Ас цаьрца дийнан чаккхенна тоам хуьлуьйтур бу хьуна».[13] Ялх ракаIат дан магаран тешалла ду Анас ибн Мáлика – Дела реза хуьлда цунна – дийцинарг, - «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – духьá ламаз дира ялх ракаIат» - аьлла.[14] Амма бархI ракаIат дар деза а, гIолий а хиларан тешалла ду, - «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша Макка йоккхучу дийнахь духьá ламаз дира бархI ракаIат» - аьлла, Умм ХIáниа – Дела реза хуьлда цунна – дийцина долу хьадис.[15] Духьá ламазан куц Духьá ламаз кхидолу ламазаш санна деш ду. Шина ракаIатал сов дечо хIора шина ракаIатехь салам делча дика ду[16], хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бархI ракаIат духьá ламаз дира аьлла деана ду, хIора шина ракаIатехь салам а луш.[17] Духьá ламазехь доьшу сураташ Цхьаболчу Iелам-наха дика лерина духьá ламазехь «КъулхIуваллóхIу ахьад» а, «Къул йá аййухIал-кáфирýн» а дешар.[18] Духьá ламазехь доIа дар Ибн Хузаймас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла шен «Сахьúхь» цIе йолчу хьадисийн жани тIехь: «Духьа ламазехь нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIе дехаран дикалла дуьйцу дакъа». Цул тIаьхьа цо дийцина, Анас ибн Малика – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Суна гира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – некъахь а волуш бархI ракаIат духьá ламаз деш. Ша иза дина ваьлча, цо элира: «Бакъдолуш ас дира (доIийна жоп даларга) догдахаран а, (жоп ца даларх) кхераран а ламаз. Ас дийхира сайн Деле кхо хIума, Цо суна шиъ делира, цхьаъ ца делира. Ас Цуьнга дийхира сайн уммат мацаллийца дала ца далийтар, цунна Цо суна жоп делира. Ас Цуьнга дийхира сайн умматана тIехь мостагIе толам ца баккхийтар, цунна а Цо суна жоп делира. Ас Цуьнга дийхира уьш тобанашка бекъа ца балийтар, иза Цо суна ца делира». Цундела, духьá ламаз деш сужудехь а, салам далале а доIа дар дика ду. Кхин а, духьá ламаз динчул тIаьхьа иштта хIара доIа дар а дика ду: «АллóхIуммагIфир лú, ва туб Iалаййа, иннака антат-таввáбур-рохьúм».  МаьIна: «Йа АллахI! Гечдехьа суна, тоба къобал а дехьа сан, бакъдолуш Хьо тоба къобал дийриг а, къинхетам бийриг а ву-кх!» И доIа юх-юха дар а суннат ду, хIокху хьадисехь ма-дарра: Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – духьá ламаз а дина элира: «АллóхIуммагIфир лú, ва туб Iалаййа, иннака антат-таввáбур-рохьúм» - цо иза юх-юха элира бIозза аллалц».[19] Духьá ламаз жамаIатца дар Духьá ламаз хIораммо а ша-ша дар суннат ду, иза жамаIатца дар суннат дац, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – духьá ламаз дина аьлла долчу хьадисашкахь цо цунна жамаIат йина аьлла дац, муххале а, кхидолу суннаташ санна ша цхьамма дина аьлла ду. Ткъа нагахь санна цхьаъ духьá ламаз деш а волуш, жамаIатца ламаз дан цунна цхьаъ тIаьхьахIоттахь хIумма а дац, цкъа Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – духьá ламазан хенахь ламаз деш а волуш цхьаболчу асхьабаша цунна тIаьхьа а хIиттина ламаз дира аьлла деана долу дела.[20] Делахь а, лакхахь ма-аллара, суннат дерг хIораммо а ша-ша дар ду, цундела иза даим жамаIатца дар нийса дац. Духьá ламаз некъахь волуш дар Духьá ламаз некъахь волчо а дича дика ду, мелехь ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Макка йоккхучу дийнахь а дина хилла духьá ламаз[21], жимма хьалха вай ма-дийццара. Кхин а, хьалха вай дийцинчу хьадисехь ду, Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Сан доттагIчо (пайхамара) суна весет дира кхаа хIуманца, ас уьш ца дуьту некъахь хилча а, ца хилча а: хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьа ши ракаIат ламаз дарца а, сой дIавижале витр-ламаз дарца а».[22] Духьá ламаз доькхуш дар Духьá ламаз цхьана ханна деш ламаз ду, цхьана бахьанийна деш ламаз дац, ткъа цхьана ханна деш долу ламазаш ца деш диссинехь, уьш доькхуш дар дика ду.[23] Цундела, духьа ламаз ца деш диссинехь, иза муьлхха хенахь а доькхуш дар дика ду.[24] _____________________________ [1] «Ал-Фатáвá Ал-ФикъхIиййатул-Кубрó», Имам Ал-ХIайтамий; «Фатáвáр-Рамлий», Имам Ар-Рамлий. [2] Бухари, Муслим. [3] Насаи, Абу Давуд. [4] Ибн ХузаймахI а, кхиберш а. [5] Абу ЙаIлá, Баззáр, Ибн Хьиббáн. [6] Ахьмад, Абу ЙаIлá. [7] «Сохьúхьут-ТаргIúби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албáний. [8] Муслим. [9] Ахьмад, Абу Давуд, Ибн ХузаймахI, Ибн Хьиббан. [10] «ТIорхьут-Тасрúб», Имам Iабдур-Рахьúм Ал-Iирóкъий. [11] Муслим. [12] «МугIнил-Мухьтáдж», Имам Аш-Ширбúний. [13] Ахьмад, Абу ЙаIлá. [14] «Мухтасар Аш-Шамáил Ал-МухьаммадиййахI», Шейх Ал-Албáний. [15] Бухари, Муслим. [16] «Ал-МаджмýI», Имам Ан-Нававий. [17] Абу Давуд. [18] «НихIайатул-Мухьтáдж», Имам Ар-Рамлий. [19] «Ал-Адабул-Муфрад», Имам Бухари. [20] «Ас-Сунан», Имам Ад-ДáрукъутIний. [21] Бухари, Муслим. [22] «Ас уьш ца дуьту некъахь хилча а, ца хилча а» боху дешнашца цхьаьна дерг Абу Давуда дийцина, и дешнаш доцург Бухарис а, Муслима а дийцина. Абу Давуда дийцинарг а нийса хьадис ду. [23] «Шархьул-Махьаллий Iалал-МинхIáдж», Имам Ал-Махьаллий; «Тухьфатул-Мухьтáдж», Имам Ал-ХIайтамий; «МугIнил-Мухьтáдж», Имам Аш-Ширбúний. [24] Уьзза жайнаш.  

التفاصيل