1 – Iийд бохург а, Iийд-ламаз бохург хIун ду? «Iийд» Iаьрбийн дош ду, цхьа хIума юх-юха карладалар боху маьIна ду цу дешан бухера маьIна. Цундела, и Iийд де хIора шарахь юх-юха хуьлу дела аьлла ду иза цу дийнах. «Iийд-де» бохург – бусалба динехь ШариIато даздина дезаде ду. Иштта дезаде бусалба нехан шиъ ду: марха досту де а, гIурбанаш дойъу де а. Бусалба дино къастийна, хаьржина, билгладина дезаде и шиъ бен дац. «Iийд-ламаз» бохург – шина Iийд-дийнахь деш долу ламаз ду. 2 – Iийд ши ламаз маца дан долийна, цаьршинан тешалла а хIун ду? Марха дастаран Iийд-ламаз а, гIурбанаш дайъаран Iийд-ламаз а хIижратан терахьца шолгIачу шарахь дан долийна ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дина долу доьххьара Iийд-ламаз хIижратан шолгIачу шарахь марха дастаран Iийд-ламаз ду. Iийд-ламазан тешалла лекха хинволчу АллахIа Шен Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дош ду: ﴾Ткъа ламаз а де ахь, гIурбанна урс а хьакха﴿ [Сурат «Ал-Кавсар» 2 айат]. Iелам-наха оцу айатан тафсирехь аьлла, и ламаз Iийд-ламаз ду аьлла. Кхин а, Бухарис а, Муслима а дийцина, Абу СаIид Ал-Худрийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха достучу дийнахь а, гIурба дуьйчу дийнахь а араволура (Iийд) ламаз дечу метте. Доьххьара цо дIадолош дерг ламаз дара, тIаккха схьавоьрзура иза, нахана шен юьхьца доьхьал вирзина хуьллучу агIор, нах шайн (ламазан) могIанашкахь хевшина Iаш а болуш. ТIаккха цо хьехар дора царна, омру а дора царна. ТIаккха, гIазоте дахийта эскар билгалдаккха лиъча иза билгалдоккхура цо, йа цхьана хIуманца омру дан лиъча омру дора цо, тIаккха дIавоьдара иза». 3 – Iийд-ламазан хьукм хIун ду? Парз ду иза йа муха ду? Iийд-ламаз парз дац, делахь а чIагIдина суннат ду иза, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза юкъадаьллачу хенахь дуьйна ша валлалц цкъа а дитина хилла дац, цул тIаьхьа цуьнан асхьабаша а даим деш хилла ду иза. 4 – Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаша а иза иштта деш хилла хилча, парз доцуш чIагIдина суннат бен хIунда дац иза? Иза парз а доцуш, чIагIдина суннат бен ца хиларан тешалла ду, Бухарис а, Муслима а дийцина долу хьадис, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – парз дина долчу ламазех лаьцна цхьана стага хаьттича, цо иштта жоп деллера аьлла: «Дийнахь а, буса а пхи ламаз ду». Цу стага юха а хаьттина хилла: «Уьш доцург кхин дуй суна тIехь (парз ламаз)?» Цо жоп делла: «ХIан-хIа! Хьайна лаахь суннат ламазаш-м дийр ду ахь». 5 – ЖамаIатца деш ду Iийд-ламаз йа дац? Хьан дан деза иза? Iийд-ламаз жамаIатца дечу суннат ламазех ду. Иза дан деза массо бусалбачо: стага а, зудчо а, цIахь волчо а, некъахочо а, маьршачо а, лай волчо а. 6 – Кечйелла йолу зуда яха мегар дуй и ламаз дан? Кечйелла йолчу зудчо а, божаршна питана дийр долчу зудчо а и ламаз шен цIахь дан деза, божарий гуллучу метте яха ца еза иза. 7 – Iийд-ламазехь суннат дуй азан дар а, къамат дар а? Дац, Iийд-ламазехь азан дар а, къамат дар а суннат дац. Цаьршина метта, цу ламазе кхойкхуш олу: «Ассолáту джáмиIахI». 8 – Iийд-ламазан хан хIун ю? Маца до иза? Цуьнан хан дIайолало Iийд-дийнахь малх хьалабаларца, иза чекхйолу делкъа ламазан хан тIекхачарца. Iийд-ламаз дича уггар деза долу хан малх гоьмукъан бараме хьалабаьлча ю, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и ламаз даим цу хенахь дина дела. 9 – Iийд-ламазан куц муха ду? Муха до иза? Iийд-ламаз ши ракаIат ду, ламаз дIадехкаран такбираца («АллóхIу акбар» аларца) дIадоладо иза кхидолу ламаз санна. ТIаккха ламаз дIадолоран доIа до, тIаккха ворхIозза такбир до «АллóхIу акбар» олуш, хIора такбир дечу хенахь ши куьг белшийн барамехь хьала а айдеш, ламаз дIадоьхкучу хенахь санна. Оцу хIора такбир юкъахь хан йолуьйту, дукха доца а доцуш, дукха деха доцуш долчу юкъарачу айатан барамехь. ХIора шина такбир юкъахь хIара дешнаш алар суннат ду: «СубхьáналлóхIи валхьамдулиллáхIи валáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар». ТIаккха, и ворхI такбир дIадаьллачул тIаьхьа, «АIýзу биллáхIи минашшайтIóнирроджúм» а олий, «Фатихьат» доьшу, цул тIаьхьа цхьа сурат, йа цхьа долу айаташ доьшу. ТIаккха рукуI а, сужуд а до, кхечу ламазехь санна. ТIаккха шолгIачу ракаIате хьалагIаьттича, сужудера хьалагIоттуш деш долу такбир доцург кхин а пхоьазза такбир до «Фатихьат» деша доладале, доьххьаралерачу ракаIатехь санна. КхидIа долу ламаз кхидолу ламаз санна ду. ТIаккха ламаз дIадерзийначул тIаьхьа, ши хутIба до. Кхечу ламазехь доцу и масех такбир дар суннат ду, ткъа нагахь санна вицвелла, уьш дан а ца деш «Фатихьат» деша доладахь, уьш тIехдевлла лору, ламаз нийса а хуьлу. 10 – Iийд-ламазал тIаьхьа ши хутIба даран хIун хьукм ду? Муха дан деза и шиъ? Iийд-ламазал тIаьхьа ши хутIба дар суннат ду. Цаьршинан куц иштта ду: - и шиъ Iийд-ламазал тIаьхьа хила дезаш ду, рузбан-ламазехь санна хьалха а доцуш, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта дина дела; - рузбан-ламазан хутIбанан массо рукн а, суннаташ а Iийд-ламазан а ду; - доьххьарлера хутIба исс такбираца дIадолор суннат ду, шолгIа хутIба ворхI такбираца дIадолор суннат ду. 11 – Iийд-дийнахь такбир дар суннат маца ду? Цуьнан тешалла хIун ду? Хьадж деш воцучо, Iийд-буьйсанна малх чубуьзначул тIаьхьа, хIусамашкахь а, некъашкахь а, маьждигашкахь а, базаршкахь а, аз айдеш такбир дар суннат ду, Iийд-ламаз дан дIадоллолц. И такбир даран тешалла лекха хинволчу АллахIан дош ду: ﴾Шуьга денош кхочушдайта, (такбир дарца) шуьга АллахI воккхавайта Цо шу нисдарна, шу шукр деш хила мега-кх тIаккха﴿ [Сурат «Ал-Бакъарат» 185 айат]. Iелам-наха оцу айатан маьIна деш аьлла: «Иза марха дастаран Iийд-дийнахь такбир дар ду, ткъа, гIурбанан Iийд-дийнахь такбир дар цуьнца дуьстина цунах дIатоьхна ду». Кхин а, хьадж деш волчо а, воцучо а хIора ламазал тIаьхьа такбир дар суннат ду, Iарафат-дийнан (гIурбан-дийнал цхьа де хьалха) Iуьйранна дIадолийна, гIурбан-дийнал тIаьхьа догIучу кхаа дийнахь, оцу кхаа дийнах тIаьххьарчу дийнан малхбуза хан кхаччалц. Марха дастаран Iийд-дийнахь суннат дац хIора ламазал тIаьхьа такбир дар, Iийд-ламаз дан долийча сацо деза иза цу дийнахь. 12 – Iийд-дийнахь дича дика долу уггар деза такбир муха ду? Иштта ду: «АллóхIу акбар, АллóхIу акбар, АллóхIу акбар, лáилáхIа иллаллóхI, АллóхIу акбар, АллóхIу акбар ва лиллáхIил-хьамд». 13 – Iийд-дийнан уггар коьрта гIиллакхаш хIун ду? · Рузбан-ламазана санна, лийчар а, хаза хьожу йогIу IатIар хьакхар а, керла духар духар а. · Iуьйранна хьалххе маьждиге вахар. · Марха дастаран Iийд-дийнахь Iийд-ламазе вахале хьалха хIуъа йиъна а цхьаъ яар суннат ду. Амма гIурбанан Iийд-дийнахь ша ламазера юхаверззалц яахIума ца яар суннат ду. · Iийд-ламазе воьдуш верг гIаш цхьана новкъа дIа а вахана, юха вогIуш кхечу новкъа юхавар суннат ду. · Имамо Iийд-ламазал хьалха суннат ламаза дар дика дац. Иза воцучо кхечо малх хьалабаьллачул тIаьхьа суннат ламаз дича хIумма а дац.
التفاصيل